Нохчийн меттан а, литературин а хьехархочун Азиева Хьаван 1981 шарера, образовани лакхара, школера белхан стаж 21 шо, хIокху МБОУ «СОШ №3 с. Самашки», 16 шо.

04.02.2021
Нохчийн меттан а, литературин а хьехархочун Азиева Хьаван 1981 шарера, образовани лакхара, школера белхан стаж 21 шо, хIокху МБОУ «СОШ №3 с. Самашки», 16 шо.  Азиева Хьава йина  1981-чу шаран, эсаран беттан 12-чу дийнахь. Ишколехь ша болх бинчу йерриге а хеначохь, ша балхана тIера а йолуш, ша йуьхьарлаьцна гIуллакх чекх а докхуш, дика белхахо а, хьехархо а санна гайтина ша, Хьавас. Шена тIедиллина муьлха а гIуллакх кхочушдо, мел дукха и делахь а.  Хьавана хаьа шен белхан теори а, хьехаран методика а, урокаш ФГОС-ан лехамашца д1ахьо цо.  Иза даима керланиг лоьхуш, шена тIехь болх дукха беш йу. Шена хуург дешархошка дIакхачо гIерта и тайп-тайпанчу лехамашца, тобанашца а. Хьехархочун коьрта Iалашо – дешархой кхетош-кхиор йу.  Хьавас гойту йиллина урокаш, классал арахьара мероприятеш цхьанатуху, шена зеделларг  белхан накъосташна довзуьйту.#МинобрЧР#Институтчеченскогоязыка#ЦОИТ#ЧЭШ#УРОК95#ХЬЕХАРХО